Нохчийн литературин урокашкахьдешархой кхетош-кхиорехь г1иллакх-оьэдангаллех лаьцна произведенеш йовзийтар.
Доклад
Цкъа а сада1ан йиш йоцуш чаккхе йоцчубоьдучу новкъахь схьавог1уш ши некъахо дахар а, хан а .Дахар х1ораннан ахьехархо ву нанас санна хьо шен аганахь техкош,дуьне даа,вахан ,дика г1уллакхашдан 1амош.
Ткъа хан , хьо, хьийза а ца веш ,хьант1аьххьара де т1е кхаччалц , хьежа а хьоьжуш т1ехйуьйлу.
Иштта вайн дахарехь дерриг диканиг берашнахилийта г1ерташ къахьоьгу вай. И ду халчу вонашна а,наггахь нислучу х1илланечудиканашка а доха ца делла вайн къоман г1иллакх.
Дайшкахь дуьйна а 1илма 1амор сийлахьлийрина вайнаха.Халчу хенахь а доьзалехь цхьаьнга дешийта г1ерташ,къахьоьгуранаха.Цуьнца дуьстича аттачу даьлла дахар.Х1инца хала дац,г1аланаш,йарташ цайийцича а, к1отаршкахь а школаш йу тахана.Кханенан дай кхиош ,хьаналакъахьоьгуш схьабог1у хьехархой.Мах хадийна вер вац х1инцалерачу дахарехь школодечу г1уллакхан.
Хьехархоша 1илма 1амийна а ца 1аш ,жимчохьдуьйна бераш оьздангаллийна 1амадо, шайн урокашкахь довзуьйту чохь а, арахь адахаран йукъаметтигашкахь лелон деза мерза г1иллакхаш. Иштта кхиийначу берехкхана 1уьйрре баккхийчарна т1етовжан аг1о хуьлу.
Вайн къоман хаза г1иллакхаш, ламасташ хестийнаоьрсийн йаздархоша шайн произведенешкахь. Ткъа тахана литературин урокашкахьдуккха а шех эца масал долуш йу вайн нохчийн г1арабевллачу йаздархойнпроизведенеш : Муса Бексултанов «Некълацар» дийцар, Ахмдов Муса «Лаьтта т1ехьлаьмнаш х1иттош» повесть, Ясаев Мовла «Хьоме йурт» повесть. Царах х1орамма ашайн произведенешкахь халкъан лазам ,вайн башха г1иллакхаш гойту. Ц1ена а ,хазаа бу церан мотт ,цара вайн дегнашкахь дахаре а,вешан махке а безам кхуллу.
Ткъа хьехархочо бечу балха т1ехь хьалхараметтиг дешархо г1иллакх-оьздангалла йолуш кхиоро д1алоцу ,шолг1а меттиг 1илма1амор. 1илманчаша лаккхара мах хадийна г1иллакхан.
Кхетош-кхиоран коьрта г1иллакх ду,оцудешархочун лаам дикачу г1уллакхашна меттахбаккхар. Цу т1е йоьг1на хила йезахьехархочун коьрта 1алашо.Оьдангалла кхоллало г1иллакхех ,1адатех,къоман ламастех.Уьш жимчохь дуьйна 1амон деза дешархоша. Цу балхахь дика хир йу схьайиллинаурокаш,леррина вовшахтоьхна суьйренаш,маттаний ,г1иллакхашна леринакъийсадаларш.
Вайн цхьана къомера т1елаца оьшуш х1умадац. Дуьненна а тоьур долуш ду вайн г1иллакхийн,1адатийн, меттан хьал.Х1окхуцхьана доклада йукъа тарлур дацара нохчийн мотт ,литература хьехорехьйукъадалон дезачу керлачарах лаьцна дерг. Вайн коьрта 1алашо йу шайца нохчаллайолуш,оьзда дешархой кхиор. Уьш хила беза шайн матте а , историга а безамболуш, дахарехь диканаш дан 1алашо ,граждански хьежамаш болуш.
Сайн къамел дерзош поэтан СулеймановЮсупан дешна дало луур дара суна.
Даймахке
Йист йоцчу
стигланийн
Аренаш санна,
Даймохк , хьан
безамна
Сан дог ду шорта.
Хьо хесто лерам бан
Массо а ханна,
Дуй биъна, хьан
сийдеш,
Туху ас корта.
1959 ш
Хасаров ШаIранинРамзан
Соьлжа-ГIалин« Кааев Хьасанан ц1арах йолчу йуккъерчу №54 ишколан нохчийн меттан а,литературин а хьехархо.