Нохчийнлитература
Тема: «Тешам боцу лулахой» (Туьйра)
1алашо:халкъан туьйра «Тешам боцу лулахой» довзийтар; нийса а , кхеташ а , шера атуьйранаш деша 1амор. Туьйранашка безам кхоллар.
Билгалъяьхнакхиамаш: берашна 1емар ду нийса а , шера а , кхеташ атуьйранаш деша. Берашна 1емар ду чулацамах кхета ,хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, туьйранан чулацам схьабийца. Берашна 1емар ду т1айп-тайпана амалаш евзар ю , диканиг схьаийца хуур ду , вониг д1ататта , цунахларвала.
Урок д1аяхьар.
1. Ц1ера болх таллар.
-Х1ун еллера шуна ц1ахь 1амо? (Туьйра «Бекхам» схьадийца)
Бераша схьадуьйцу туьйра.
2. Мотт шарбар. Дешаре шовкъ кхоллар.
Со шершачохь ча чу ца шерша, ча шершачохь со чу цашерша.
-Д1адеша чехкаалар массра цхьана меллаша.
-Д1адеша чехкаалар массра цхьана хезаш.
-Дагахь 1амаде.
3. 3. 1алашо йовзийтар.
-Муьлха произведени ю вайна 1амо билгалъяьккхина?(Туьйра «Тешам боцу лулахой»)
-Х1ун болх бийр бу вайи за дика 1амийта?
-Вайна девзар ду шира туьйра «Тешам боцулулахой» . Шуна 1емар ду нийса а , шера а, кхеташ а дийцаран тексташ еша. Шунахуур ду дика а вон а амалаш йовза. Шуна 1емар ду диканиг схьаэца , вонигд1ататта.
4. Керла тема хьехар.
а) Хьехархочо д1адоьшу туьйра «Тешам боцу лулахой» ц1е йолу туьйра
аь) Чулацамах лаьцна къамел дар.
-Муьлш хилла лулахой? (Чай ,хьакхий, борззийцхьана , цициг , цхьогал , пхьагал цхьана дехаш хилла уьш лулахь)
-Муха йисина ча, борз, хьакха? (Даа х1ума доцуш)
-Х1ун хьажийна чано жижиг деха? (Чано жижиг деха хьажийна борз лулахошка)
-Деллий лулахоша царна жижиг? (Ца дела)
-Х1ун аьлла цхьогало ? (Д1о чуьра берзанкортий, накхий ло царна)
-Муха хетта барзана и? (Борз ч1ог1а кхераелла едда д1аяхана )
-Х1ун аьлла цо ц1ахь? (Ц1ахь бацара уьш аьлла)
-Х1ун хьажийра чано шолг1а ? (Шолг1а хьажийрахьакха духалург жижиг деха)
-Х1ун ло элира цхьогало хьакхина? (Д1о чуьрахьакхи корта а, накха а ло царна аьлла)
-Х1ун дира хьакхано? (Хьакха кхераелла едда д1аяхара)
-Х1ун яхара кхоалг1а жижиг деха? (Ча ша яхара жижиг деха)
-Х1ун ло элира цхьогало цунна? (Ло цунна ченанкорта , накха элира )
-Х1ун дира чано? (Ча кхераелла едда д1аяхара)
-Х1ун дира чано? (Шен лулахой хьошалг1акхайкхира)
-Хунда кхайкхира чано лулахой хьошалг1а? (Цаьрца та дагахь , даарш кечдина хьошалг1а кхайкхина чано уьш)
-Х1ун моьттина цхьогална ? (Шаьш халлакдан ча г1ера моьттина)
-Муха бахана цхьогалг1ар хьошалг1а? (Топ акхуьйсуш , «чан корта со воцчу к1ентан бац» бохуш бахана)
-Х1ун дина чано , цуьнан накъосташа х1орш бог1ушбайча? (Уьш кхерабелла д1алевчкъина)
-Мича лечкъина ча? (Ча дитта т1е яьлла)
-Мича лечкъина хьакха ? (Хьардашна буха йоьлла)
-Мича лечкъина борз? (Бердах йоьлла)
-Х1ун карийна цхьогалг1арна? (Шортта дааршкарийна, дууш 1аш хилла)
-Хун дина цициго? (Арадаьлла)
-Цунна х1ун гира? ( Хьардаш метах хьуьйш гира)
-Х1унда кхийтира иза царна т1е? (Дахка бу моьттуш цициг хьардашна т1екхийтира , хьакха кхераелла едира.)
-Стенга делира цициг? (Кхераделла цициг дитта т1е делира)
-Х1ун дира чано? (Ша яа цициг долу моьттуш ,дитта т1ера чу иккхира)
-Х1ун дира барзо? (Дитта т1ера чуйог1уш чанома1арш хьаькхча борз кхераелла бердах яхара)
-Муха бехира уьш цул т1аьхьа? (Дика)
5. Сада1аран миноташ.
Дог1а
Мохомархаш лоьхку, лоьхку,
Мархашйоьлху, йоьлху.
Надамашлаьтта 1ена, 1ена, —
Мала хи,к1а, мала.
К1еноохьатаь1ий:
Молу,молу, молу.
Меладог1а, ца соцуш,
Дог1удог1у, дог1у.
(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтанхьалхара
мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цулт1аьхьа,
куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керанюкъ хьа-
лаерзайо, т1аккха охьаерзайо)
6. КЕрла тема кхин д1а а хьехар.
а) Бераша д1адоьшу хезаш массара цхьана «Тешамбоцу лулахой» ц1е йолу туьйра.
аь) Бераша д1адоьшу меллаша массара цхьана «Тешамбоцу лулахой» ц1е йолу туьйра.
7. Рефлекси.
-Х1ун керланиг 1еми шуна?
8. Жам1 дар.
-Муьлха произведени йийшира вай? (Туьйра «Тешамбоцу лулахой»)
-Хьанах лаьцна дара иза?
-Х1унда тоьлла цхьогалг1ар? (Церан хьекъало ,майралло толийна)
-Муха баха беза лулахой?
9. Ц1ахь бан болх балар.
Туьйра «Тешам боцу лулахой» ц1е йолу туьйрасхьадийца кечам бе.