ДЕНЬ ДЖИГИТА
Вед.2
Де дика хуьлда шун лераме хьеший,хьехархой, иштта дешархой! Вай тахана гулделла х1ара беркате цхьаьнакхетард1адахьа.
Вед. 1
Здравствуйте!Сегодня мы с вами собрались для участия в празднике, посвященному дню джигита.
День джигита 1 марта ежегодно принято отмечать не только в Ингушетии и Чечне.
Празднуют его мужчины кавказских народностей, проживающие и в других странах
мира. Джигит является олицетворением истинного мужества и патриотизма.
Вед.2
Дуьненахь мел долу даьхни вовшахтоьхча,даьхни тоьар дацара къонаха эца. Делаца шен ойла хиларе терра, вохкалуш-эцалушвац иза. Нохчо хилар – къонаха хилар ду. Х1ара дуьне а ду къонахийбелшаш т1ехь .Уьш баларх а йовр яц церан ц1е .
Х1инца шуна хезар ду къонахчуьнга весет
Дайн хаза г1иллакхаш лело, хьо, 1амалахь,
Дех-ненах дог кхеташ хила а, хьо, хьажалахь,
Уггаре коьртаниг церан сий айъалахь,
Цаьрца бен самукъа кхин доций, хаалахь.
Даймехкан сий лардар хьайн декхар хеташ,
Вахалахь, даима кийрахь ц1е леташ.
Къонахчун ц1е лелор жоьпалла лоруш,
Хьо ваха хьажалахь, адамалла йолуш.
Дика ц1е лело а дац хьуна атта,
Вацахь, хьо, кийча оьшшучохь г1атта.
Дог дуьзна хилалахь, нах ларбеш вонах,
Нахе хьайх олуьйтуш: «Вуьззина къонах».
Вай даларх дика ц1е ехаш ю лаьттахь,
Хьайн дешан да волуш нагахь, хьо, ваьхнехь.
Х1ара дуьне дош доций и диц ма делахь,
Дуьненах я цкъа а тамаш ма белахь.