Доклад
Карара белхан Iалашойу охьарчу диалектан веданан говоран фонетически а, морфологически а башхаллашталлар.
Д.Д. Мальсаговн «Чечено-ингушская диалектологияи пути создания единого чечено-ингушского литературного (письменного) языка». Грозный,1940], Ю. Д. Дешериевн «Сравнительно-историческая грамматика нахских языков ипроблемы происхождения и развития горских кавказских народов». Грозный, 1963.]а, И.Г. Арсахановн «Чеченская диалектология» белхашкахь цхьацца дакъошкахь ведананговор хьахийнехь а, амма хӀинццалц схьа веданан говор талларна шена къаьсттанаболх бац. Къасто деза, нохчийн меттан хьалхарчу талламхочу П.К. Услара йазйинатексташ Дишни-Веданахь гулйина йу. Дишни-Веданара вахархочо Досов Къедасх1оттийра дуьххьарлера нохчийн меттан букварь [Тифлис, 1862].
Карара говор талларехь тхо тӀетевжира веданхошабуьйцучу маттана, фольклоран маттана а, иштта веданан аренан топонимин а,гидронимин а цӀерашна.
Веданан говор лелойо рогӀерчу НохчийнРеспубликин Веданан кӀоштан йарташкахь: Дишни-Ведана, ЦӀе-Ведана, Элстанжа,Эшел-Хоте, ЭгӀашта, Вир-Хоте, Махката, Тевзана, Селим-Тевзана, Дуц-Хоте,Эрсана, ЭгӀишбата, Гуьна, Хинжи-Эвла, Местий-КӀотар, Марзой-Мохк, Хороча.
Иштта оха билгалдаьккхина цхьадолчу цӀердешнийн чаккхенехь шерачуаренан диалектан –уо меттана кхузахь –ов хилар; хьажа: ирзов – ирзу/ирзуо(шер.ар.диал. Хьажа иштта: вед. Беной: шаранчуохь – шарчуохь (шер.ар.диал.);вед. Беной: уттукх – оттйокх (шер.ар.диал.); вед. Беной: хьерсахьач, Ӏержахьач,лекхара — хьаьрсахьач, Ӏаьржахьач, лакхара (шер.ар.диал.) и.кх.д. а.
Шена къаьсттана хьахо йеза Хоттанан а, Тевзанан а йартийнговор. Иза чӀогӀа герга йу шерачу аренан диалектана (шелан говорна). Наггахьволчу воккхачу стеган / йоккхачу зудчун къамелехь бен ца хаало кхузахь айбахар:хандешан кепашкахь:
1) йахна йаьллачу хенан кепехь: хьажа: сацайна, хьажайнаи.кх.д. а.
2) каузативехь: сацайта, алайта и.кх.д. а.
Иштта кхузахь хаало веданан говоран кхийолу башхаллаш а,масала лардашкарчу мукъазчеран шалхадалар: висса – виса (шер.ар.диал.), тасса –таса (шер.ар.диал.). Кхуззахь а лела веданан говорехь бен ца лела дош пхьахуо(т1евеанарг цхьанхьара). Вай билгалйинчу йартийн бахархойн къамелехь а хаалотайп-тайпана къестамаш. Иштта хоттанхойн къамелехь веданан говоран башхаллашалсам йу тевзанхойн къамелехьчул а, х1етте а церан йарташ вовшашна гена йацши-кхо километр бен, цу чохь бехарш цхьатеррачу тайпанан нах а бу (элстанжуой,ц1адахьаруой и.кх.д1а. а. Хууш ду тевзанхойн къамелехь айбахарца цхьаьналела ийбахар а, масала: алайта – алийта, вахайта – вахийта, ткъа луларчуХоттанехь айбахар шуьйра даьржина ду (хьовса цунах лаьций лахахь).
Грамматически классашкацӀердешнаш дӀасхьадекъарехь веданан говорна а, шерачу аренан диалектана айукъахь цхьатерра долчу цӀердешнийн классийн хӀара тайпана башхаллаш хаало
Ведананговор шер.ар.диал. чӀеб.диал.
туьркб-б туьр й-й турак й/й
луомй-й луо д-д луом д-д
малхай-й молха д-д молхо д-д
журнал й-й журналд-д журнал д-д
Веданан говорехь шерачу аренехь йоллу фонемаш йу, церанйоллу акустика йу, амма шерачу аренан а, чӀебарлойн а диалекташца дуьстича,цхьацца йолчу фонемех пайдаэцарехь шен башхаллаш йу. Уггаре шуьйра йаьржинапроцесс дешнийн лардашкахь аьзнийн хийцдаларца йоьзна йу.
И хийцадалар шина тайпана нисло:
1) грамматически процессашца доьзна доцуш а
2) морфологически процессашца (дожаршца, терахьашца,хенашца хийцадаларца, дошкхолладаларца) доьзна.
Шен аьзнийн хӀоттамца веданан говор, коьрта долчу декъана,цхьаьнайогӀу нохчийн меттан шерачу аренан диалектаца. Нохчийн литературинматтах веданан говор къаьста шен аьзнаш йукъахь (шерачу аренан диалектехьсанна), нохчийн литературин маттахь шуьйра йаьржина лелачу балдийн-балдийнспирант -ф цахиларца. ТӀеэцначу дешнашкахь веданан говорехь ф-на меттанабалдийн-балдийн лелха фонема -п йалайо йа къора спирант х, масала:фабрика –пабирк, фуражка – хурашка и.кх.дӀ. а.
Кхидолчу хьелашкахь веданан говоран мукъазчеран система,шен масаллица, мухаллица цхаьнайогӀуш литературин меттан мукъазчеран системаца.
Кхин башха йаккхий башхаллаш ца хаало веданан говорна а,чӀебарлойн диалектана а йукъахь. Амма и бохург дац, экспериментальни зерашдича, цхьаццайолу башхаллаш йоцуш хир йац бохург. Цу тӀе дуккха а долумукъазнаш тайп-тайпана даьржина лела веданан говорехь а, шерачу аренан диалектехьа, кхин йолчу ламанан диалекташкахь а.
Морфологи хьокъехьведенан говорна а, шерачу аренан диалектана а йукъахь башха даккхийцхьаьнацадараш ца хаало. Галморзахаллаш, коьрта долчу декъана, тӀейогӀу кепийнбашхаллийн, дошкхолладаларан элементашна, морфологически категорешца (терахь,дожар и.кх.дӀ. а) дош хийцалуш, масала, дуста:
вед.цӀ.д. пхьад
Др.д. пхьадаруо
шер.ар.диал.
ЦI.дпхьид
Др.д. пхьидуо
Балха тIехьгуш ма-хиллара, веданан говор Iилманцакхин а кIорггера,кхин йолчу диалекташца а, говоршца а, гергарчу гIалгIайна, бацойн а меттанашца йуста а йустуш талла йезаш йу.
