НАНА
1-рад1ахьошверг: «Дечиган елахь а, тоьла нана» — бохунохчийн кицано.
Аганахь мацвелчаа, г1алато вагийча а, т1амо лазийча а Нене кхойкху вай. Цуьнан орцахиха ду!. Цуьнан куьг аьхна ду! Мел хаза ю-кх, Нана, хьан 1аь! Хийла шелвелларг ахьа вохвина, хийла дог доьхнарг ахьа хьаьстина.
2-г1ад1ахьошверг: Нене йийцича, яйло г1айг1а, цуьнан мерзачу хьажаро лакъадо цатамо гулдина б1аьрхиш, цо хьехначу оьздачуг1иллакхашца карадо вайна ирс.
1-рад1ахьошверг: Хьоме хьеший, наной, дешархой!Таханлера цхьаьнакхетар лерина ду дуьненахь угар сийлахьчунна, хьомечунна –НАННА. Дуьненна Эвлияаш, 1илманчаш, паччахьаш, ц1еяхна къонахий оьзда мехкарий белла нанас.
2-г1ад1ахьошверг: Нанойн дегнашка хьаьжча, цхьа вон о хирдацара дуьненахь, меттан хазалла а, дешан говзалла а ца тоьу цуьнанмарзо йийца.
Стихи:Сербиев Б., Асабаев Ш., Виситов С., Байсуев И., Четалов А.
1-рад1ахьошверг: Нана – мел йоккха йовхо а, серла а ю цуцхьана дашца «Ненан марзо», «НАНА» — боху дешнаш хезча, цхьа шатайпа ойла кхоллало вайн хьоранна а даг чохь.
2-г1ад1ахьошверг: Хьоме даймохк, хьо веха юьрт, охьаоьхушийла шовданаш, вайна хьоме мел дерг ненан ц1арца доьзна ду. Наношна Лерина долу хелхар д1агойту мехкарийн тобано.
Хелхар
1-рад1ахьошверг: Даим а доьлийла вайн дегнаш,т1аккха синкъераме хир бу вайн наной.
Стихи:АбдулазиеваХ.,Исаева П., Матагова А.,Махаева Х.,Болатханова И.,Музыкаева Е..
2-г1ад1ахьошверг: Х1инца вайн классан дешархоша гойтур юсценка «Эсал йо1».
1-рад1ахьошверг: Ненан даге хаьттича, хир дацара цхьа авон. Массо а вон чов ненан дагт1ехь ю, массо а диканца орам ненан дагт1ера бу.
Стихи:АхматоваХ.,Хусиханов А.,Асабаева Я.,Гелаев Д.,Давутхаджиев Т.
2-г1ад1ахьошверг: Забаре сценка д1агойту мехкарша.
Сценка.
2-г1ад1ахьошверг: Х1инца вайна хезар ду шен наннаСидекъа олу илли.
Илли.
1-рад1ахьошверг: Нене болу безам биллалур бац цхьана атерзанна т1е.
2-г1ад1ахьошверг: И безам гуч болу вайн дешархойнбайташкахь.
Стихи:ГебертаеваЖ.,Гебертаева З.,Хаджиев И.,Цухарова А.
1-рад1ахьошверг: Хьоме наной, тахана вайга хьошалг1акхайкхина ву 1удди. Ладог1а вай.
Сценка
1-рад1ахьошверг: Декъала хуьлда массо НАНА!
2-г1ад1ахьошверг: Х1инца вай д1ахьур бу хелхаран бал.
МУНИЦИПАЛЬНОЕБЮДЖЕТНОЕ ОБЩЕОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ УЧРЕЖДЕНИЕ
МБОУ«СОШ№1 с.п ВЕРХНИЙ – НАУР»