Описание презентации по отдельным слайдам:
-
1 слайд
Ненан маттаца доьзна долу хаттарийн а, жоьпийн а ловзар.
-
2 слайд
«Ненан мотт-деган хьост»
-
3 слайд
«Шен ненан мотт халкъо сий ойбуш 1алашбахь,
Цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц»(М.Мамакаев)
-
4 слайд
«Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн ненан мотт».
(Ш.Арсанукаев) -
5 слайд
Шен мотт ца хуу стаг даима а юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къамнашна хьалха а.
Цунна хуур дац цо ма-бохху ойла ян а, цо ма-хьеххара ваха а. Иштта стаг –иза яхь йоцуш, и стаг ледар хилар ду. Иштта ца хила, вовшашца йохье а хуьлуш, 1амо беза вайн дайша, наноша, хьост санна ларбеш, ц1ена латтийна вешан «Ненан мотт». -
6 слайд
Ненан мотт ца хилча шен халкъан амалх сина кхачам болуш кхетийла дац. «Нохчийн» бохучу цхьаьна дашца дозаделла ду нохчийн ц1арца доьзна долу массо а х1ума.
Цу массо а х1уманан коьрта берг мотт бу. Х1унда аьлча цу маттаца кхиош ду г1иллакхаш, эхь –бехк, оьздангалла. Еш йолу ойла оцу матто кхион езаш ю. -
7 слайд
Цундела шен мотт боцу къам-къам дац.
Мотт бу –халкъ ду.
Мотт д1абели-халкъ дели. -
8 слайд
«Дикачу дашо барт тобер, вочу дашо барт эг1ор»- олуш ду вайн дайшгара дуьйна схьа.