НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРА 6КЛАСС
Урокан ц1е: СаракаевХьамзат «Ирсе б1аьрхиш».
1алашо:Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.
Произведенин чулацамбовзийтар.
Урок д1айахьар.
1. Уроканболх д1ах1оттор.
2. Ц1ахьбина болх таллар.
Дешархошка стихотворенисхьайуьйцуьйту.
3. 1амийнаргкарладоккху.
— Муьлхапроизведенеш 1амийна вай? («Эвтархойн Ахьмадан илли», «Таймин Бийболатан илли»,«Наьрт-Эрстхойн паччахь Наураз», «Ницкъболу Солса», «Нийса кхел» иштта д1акхин.
—Муьлха дийцарш девза шуна?
—Муьлха произведенеш йазйина Нунуевс?
—Муьлха произведенеш йазйина Айдамировс?
4. Керлакоьчал йовзийтар.
Саракаев Хьамзат вина1927-чу шарахь Соьлжа-г1алахь. Вайн халкъ махкахдоккхучу хенахь цо дешнаЧимхентехь йуккъерчу школехь, ц1адирзинчул т1аьхьа чекхйаьккхинаНохчийн-Г1алг1айн хьехархойн институтехь.
Исбаьхьаллин литературехьг1улчаш йаха волавелла шен 12 шо долуш, дуьххьарлерачу стихотворениназорбатоьхна 1939-чу шарахь.
Саракаев Хь. Йерриге абохург санна произведенеш берашна лерина йу. Цунна дика девза берийн дахар а,амалш а. Царна йуккъехь йу «Шира г1ап», «Эдалхана доттаг1ий», «Толамахтешарца», ц1ерш йолу произведенеш.
«Ирсе б1аьрхиш»дийцар вовшехкъаьстинчу ненах, к1антах лаьцна ду.. Жима волуш ненах къаьстинаберийн ц1ийнахь кхиъна волу, дешна а ваьлла йурта балха хьажийна и. Новкъахьнекъхьовзам а хилла бердах чу воьдучу хенахь, Докка цхьана зудчо бухка акхоьссина, хьалаваьккхина. И Зулпаа шайга д1авигира. К1антана ч1ог1ахазахийтира х1аваъ а, лаьмнаш а, хаза 1алам а. Дукха хан йалале хиира цунна ишен Докка вуйла. Жима йиша а йара цуьнан. Ирсе йара нана шен к1ант карийна.Доккина шен йиша а, нана а, ша вина йурт а карийра, кхин а ч1ог1а ирсе вараиза.
5. Словарниболх.
Бухка – ремень
Башлам –снежная вершина горы.
6. 1амийнаргт1еч1аг1дар.
Дешархошка йаххьашцайешийтар.
Хаттарш ло дешархошка.
-Докка хьан к1елхьараваьккхира?
— Муха вовшахкхийтирананий, к1антий?
— Довзар муха хилирацаьршинна?
— Х1ун маь1на ду цуьнан?
7. Уроканажам1 дар.
— Вай урокан ц1е х1ун йу?Муьлха автор ву тахана 1амийнарг?
— Цуьнан муьлхапроизведений у вай тахана 1амош?
— «Ирсе б1аьрхиш» х1ундааьлла?
Комментировать йешоценкаш д1ах1иттайо.
8. Ц1ахьбан болх.
1. 98-102-г1ийаг1онаш. Дийцар дешар, схьадийцар.
2. Хаттарша, т1едахкарш а.