Описание презентации по отдельным слайдам:
-
1 слайд
Нохчийн
литература -
2 слайд
Соьга хьовсий самадовла
Вовшашка хьовсий къинт1ера довла
Х1инца дикка тидам бе
Балхе ойла ерзае! -
3 слайд
Дешархойн хаарш жигардахар.
1. Стенах лаьцна дийцира вай д1аяханчу урокехь?
2. Ц1ахь кхочушбан муьлха болх беллера шуна?
3. Мила ву Мамакаев Мохьмад?
4. Цуьнан муьлха произведени 1амийна вай?
5. Дагахь хьанна хаьа?
6. Стихотворенин произведенийн билгалонаш йовзийта?
7. Стихотворенехь г1улч(стопа) х1ун ю? Рифма ю?
(тобанашкахь болх) -
4 слайд
«Воккхаве со хьуна хуъчу
Кхечу къаьмнийн меттанех,
Хьайниг бицбеш, Iамо дезна
Уьш, хьуна ца моьттинехь»Сулейманов А.
-
5 слайд
«Ламанан хи»
Сулаев Мохьмад -
6 слайд
-
7 слайд
-
8 слайд
Ламанан хи
Букарчу тулгIешца керчадеш чхернаш,
ХIаваэ хьалакхуьйсуш жовхIарийн тхи,
Ша хIорде сихделла, хедадеш лаьмнаш,
Хаьхкина охьадогIу ламанан хи. -
9 слайд
Готтачу, бехачу цу новкъа догIуш,
Хийлазза кхечу хих и деттало,
Хи хазахетарца шен маракъовлуш,
Ткъа къаьсташ – гIелделла и хетало. -
10 слайд
Делахь а, тIаьххьар а шена хIорд карийча,
Дерриг а мел хилларш ша диц а дой,
И, сатуьй, соцу, ша хIордах дIаийча,
ХIорда чохь ша лехна ирс карадой. -
11 слайд
Сан Даймохк! Сан ирс а, хаалда хьуна,
Сайн дог хьох дIаэрца карийра суна! -
12 слайд
Iалам искусствон произведенешкахь, литературехь гайтарх пейзаж олу.
-
13 слайд
Кхетарх дуьххьарлера таллам.
Муха хийти шуна стихотворени?
Iаламан х1ун тайпа сурт х1оттийна поэто?
Маса строфах лаьтташ ю стихотворени? -
14 слайд
Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.
Дешнаш т1ехь болх:Букара — кхузахь: хе етта тулг1еш; айалуш, лахлуш хинан керчар.
Чхернаш — т1улгаш.
Жовх1арийн тхи — хинан цинцаш, т1адамаш.
-
15 слайд
Эпитеташ: букарчу тулгIешца, жовхIарийн тхи, готтачу, бехачу цу новкъа .
Метафорш: тулгIешца чхернаш керчадеш, жовхIарийн тхи хIаваэ хьалакхуьйсуш, лаьмнаш хедадеш, хаьхкина охьадогIу, и сатуьй соцу…
-
16 слайд
Готтачу, бехачу цу новкъа догIуш,
Хийлазза кхечу хих и деттало,
Хи хазахетарца шен маракъовлуш,(олицетворени)
Ткъа къаьсташ – гIелделла и хетало. -
17 слайд
Делахь а, тIаьххьар а шена хIорд карийча,
Дерриг а мел хилларш ша диц а дой,
И, сатуьй, соцу, ша хIордах дIаийча,
ХIордачохь ша лехна ирс карадой. -
18 слайд
«Сан Даймохк!
Сан ирс а, хаалда хьуна ,
Сайн дог хьох дIаэрца карийра суна!» -
19 слайд
Синквейн
ХИ -
20 слайд
Синквейн
Хи
Сирла, шийла
Охьадог1у, хьалакхуьйсу, деста
Дахарехь ца хилча йиш йоцу беркат
Дахар -
21 слайд
-
22 слайд
Сада1аран миноташ
Жима Ваха г1отту
Мало йоцуш хьала.
Мел хан яьлла, хотту,
Т1аккха йо зарядка.
Охьа-хьалате1а,
Ирх а кхиссало,
Цхьана меттехь воду,
Х1умма к1ад ца ло. -
23 слайд
I.Сулаев Мохьмад маца вина ?
а) I930 ш. б) I920ш.
в)I9I0ш. г) I903ш.
2.Сулаев Мохьмада дешна:
А) лоьрийн институтехь ; б) хьехархойн институтехь ;
в) финансови техникумехь; г) йуьртабахаман техникумехь?
3) Сулаев Мохьмадан поэтически говзалла лакхайаккхарехь дакъалецира:
а) Сатуев Хь. б) Ошаев Х.
аь) Бадуев С. в) Гадаев М.-Сь.
4) «Ламанан хи» стихотворении йу:
А) безамах лаьцна; б) Iаламах лаьцна ;
в) Даймахках лаьцна; г) тIамах лаьцна.
5) «Ламанан хи» стихотворении тIехь поэтана ша ирсе хета:
а) хIорд карийча ; б) шен дог Даймахках дIаийча
в) лаьмнаш гича ; в) Даймахках къаьстича -
24 слайд
Рефлекси
Хьанах лаьцна дийци вай тахана?
Керланиг х1ун хии шуна?
Дийца шайн кхиамех лаций:
Суна 1еми..
Суна хии..
Суна хазахийти..
Со ца кхийти… -
25 слайд
Ц1ера болх
1.Реферат язъе х1окху темина: «Адам санна лара деза 1алам»
2. Стихотворени къастош еша хаар шарде, луучо дагахь 1амае.
3. Лирически турпалхочо диначу диканех цхьаннан сурт дилла хьовса.
Белхан тептар, 5-г1а т1едиллар.
-
26 слайд
Баркалла
