X-PDF

Разработка урока Бехкаман саттам, 7 класс

Поделиться статьей

№ 6. Урокан ц1е. Бехкаман саттам.

Урокан тайна.Хааршшордаран.

Урокан zlupc:1амат,тетрадь, ручка, слайд аш (ИКТ-г1ирсах пайдаэцар). Х1оттош долчун хьесап(гайтамаш), 1алашонаш: кхеторан:хаа деза, хандешанбехкаман саттам стенах олу, цо х1ун гойту;

кхиоран:хаадеза, х1ун башхо ю билгалчу саттамна а, бехкаман саттамна а юккъехь. Дешархойнхаарш таллар;

кхетош-кхиоран:дешархойннохчийн матте болу безам совбаккхар.

Урокан некъ.

Маршаллахаттар. Белхан меттигаш кийча хилар таллар.

1.                   Урокан мотиваци яр.

2.                   Хаарийн актуализаци яр.

3.                   Керлачу коьчалх пайдаэцар.

4.                  1амийнарг т1еч1аг1дар.

5.                   Урокан жам1 дар.

6.                   Рефлекси.

Мотивационни этап.Хьехархочун дош.

Маршалладу шуьга, хьоме бераш!

… Хазнашлахь хазна юНенан мотт къоман,

Ненан мотт мел беха,

Къам дуьсу даха.

Ткъа нагахь мотт шенлахь,

Къам, лей, д1адолу,

Ненан мотт бицбинаргСийсазво наха…

                      Билгалбаха байта юккъера саттамаш.

                      Муьлхачу тайпана бу уьш?

                      Х1инца д1айолор ю вай porlepaурок.Яханчу урокехь вай стенах лаьцна дийцира, х1ун 1амийра, дагадаитий вай?

1.                   Муьлхачу къамелан деьсьах олу хандош?Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

2.                   Муха хийцало хандешнаш?

3.                   Муьлха меже хуьлий л ела предложенехьхандош?

4.                   Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло билгалзачукепехь долчу хан- дешнаша?

5.                  Маса тайпана саттамаш бу нохчийн маттахь?

6.                   Муьлхачу саттамах олу билгала саттам?

7.                   Билгалчу саттаман маса кеп ю?

Уьнт1ехь хьалххе яздина:

Аха, сака, тахка, хахка, таса, хьаърса, теша, хетта, ган,яздан.

Недиллар.Билгалчу саттаман массо а хенехь хуьйцуш, д1аязде хан­дешнаш.

Орфографически5 минот.

Х1унмаь1на леладо оццул ч1ог1а вайн нохчийн кхетамехь дехачу «яхь» дашо? Хетарехь,яхь — иза гуттар а дикчу г1уллакхашца, амалца (комаьршаллехь, майраллехь)кхечул, шена гонд1арчу нахал оьшуш ца хила гГерташ, мелхо а, царал тола г1ерташхилар ду.

Нохчийнматтахь ду «оьзда яхь» дешнаш. Иза дикчу г1уллакхашца кхечул тола г1ертахь а, идархьама ша лелориг оьздангаллин хоршахь долуш, нагахь ша эшахь а, шелтоьллачун кхиамех воккхаве а, цунна мук1арло дан а, иза цуьнца декъалван аницкъ кхочу стеган яхь ю. (Ах­мадов М.)

                      Интонацица д1аеша текст.

                      Ца кхеташ дешнаш дуй? Мук1арлодашна статья х1оттае.

МациевА.Т. дошам т1ехь иштта яздина: «Мук1арло (мук1арлонан,

мук1арлонна,мук1арлоно, мук1арлоне, д мн. мук1арлонаш, д]; призна­ние;мук!арлодан признаться, признаваться.

                      Муьлхачу стилехь язйина ю и текст? Цут1ехь дерг нахана а пайда болуш дуй?

                      Билгалдаха чаккхенгахь яздина дешнаш. Йийца церан нийса- яздаран бакъонаш.

                      Хандешнийн билгалчу саттаман текст т1ерамасалш даладе.

                     Мук1арло дашна дешхоттаманкъастам бе (.мук!арлонан, мук1ар- лоннигбилгалдешнаш ду, церан цхьа орам бу).

                      Хьалхарчу предложению синтаксическикъастам бе, х1оттае схема.

I.                   Керла коьчал йовзийтар.

Таханавайн урокан тема ю «Хандешан бехкаман саттам».

Вайдуьйцур ду хандешан бехкаман саттам стенах олу, цуьнан х1ун билгалонаш ю, изамуха кхоллало.

Шунадагадог1ий, муьлхачу къамелан декъах олу хандош? Кхин цкъа а карладаккхий вайи?

Слайд (ИКТ-г1ирсахпайдаэцар, я классни уьн т1ехь хьалххе кечам бо).

Х1уманандар я хилар гойтучу къамелан декъах хандошолу. Цо жоп ло х1ун дан? х1ун хила? х1ун до? х1ун хуьлу?бохучуа, хенашца хийцада- ларца царах схьадевллачу а хаттаршна. Масала: х1ун дан?яздан, деша, хьажа; х1ун до? яздо, доыну, хьожу; х1ун хила? шелъяла, йохъяла;х1ун хуьлу? шелло, йохло.

                 Кхочушдеш долу г1уллакх гайтаран кепехьаьжжина, хандешан коьрта биъ саттам бу: билгала, бехкаман, лааран, т1едожаран.

Слайд.

Даря хилар мича хьелашкахь кхочушхуьлу гойтучу хандешан сат­тамах бехкаман саттамолу.

Цуьнан коьрта кхо хан ю: карарара хан, яханахан, йог1у хан.

Бехкамансаттам кхоллало хандашна т1е -хь (-ахь, -ехь), -хьарасуф- фиксаш кхетарца.

II.                  Классни уьн т1ехьболх.

Масала.

Ахьакехат яздшъ, иза кхетар ву.

Хьотхоьга ваг1ахь, вайша сакьера rlypву.

Нагахьдог1а даг1ахь, юьртах ма довлалаш.

Предложенешкахьхандешнаш яздахь, ваг1ахъ, даг1саьбехкаман саттамехь ду, -ахь суффиксан г1оьнцакхолладелла уьш. Вай ма-аллара, бехкаман саттамехь долу хандешнаш хенашца хийцало.Уьш кхоъ ю: карара хан. яхана хан, йог1у хан.

Слайд (ИКТ-г1ирсахпайдаэцар).

Вашац1а ъ&гахьара, оха ловзар дийрдара.

Ахьахьалххе г1аттийнехьара, со школе Наьхьавуьсур вацара.

Дийцинаваьллехь, хьо мукъа ву.

«Ехабуьйсанаш» книга айхьа ешнехь, суна бийцахьа цуьнан чулацам.

Хьоц1ахь вуй хиънехь, хьо волчу вог1ур вара со.

Представленная информация была полезной?
ДА
58.69%
НЕТ
41.31%
Проголосовало: 990

Хьуналаахь, со вог1у хьоьца.

Ахьайоьшур ел ахь, аса книга лур ю хьоьга.

Цояахь, хорбаз оьцур ю вайшиммо.

                 Предложенешкахьдолу ваг1ахъара,г!аттийнехьара, ваьллехь, ешнехъ, хиънехь, лаахь, елахь, яахь хандешнаш -хьара, -ахь, -ехь, -хь суффиксийн г1оьнца кхолладелла ду.

                Билгала саттаман хандешнаш бехкамансаттаме а дохуш, иштта болх бан хьовсий вай?

Слайд (ИКТ-г1ирсахпайдаэцар).

Ала, эца, хаза, ваха, кхача, таса. ала- алахь, аьллехь, аьллехьара, эца — эцахь, эцнехь, эцнехьара. хаза — хазахь,хезнехь, хезнехьара, ваха — водахь, вахнехь, вахнехьара, кхача — кхачахь,кхаьчнехь, кхаьчнехьара, таса — тасахь, теснехь, теснехьара.

Кхочушдинчут1едилларехь, далийнчу бехкаман саттаман хандеш- нех пайда а оьцуш, предложенешх1итто хьовса.

Герггарчухьесапехь т1едиллар иштта хила тарло:

Ахьа соъга аьллехь, вайша цхьаьна г1ур вара хъошалг1а.

Ахьмадамашен ц1енаниг эцнехьара, иштта сиха юхур яцара. Хъайна хезнехь а, стагах лацийвониг ма дийца.

Хьо доттагЫунна т1аьхьавахнехьара, нийса хир дара.

Хьайн хеннахь хьо кхаьчнехьара, вайурокашна т1аъхъадуъсурдаца- ра. Ахьа д1атасахь, аса кехат яздийр ду Рашиде.

                 Х1окху урокехь вай шуьца карладехирахандашах долу хаарш а, 1а- мийра хандешан бехкаман саттам муха кхоллало а,цуьнан суффиксаш а.

                 Таблицех кхин цкъа а пайда а оьцуш,1амийнарг т1еч1аг1дийр ду вай. (Уьн т!ехь хьалххе язйина кеп.)

 

Бехкаман саттам

Дар я хилар мича

Кхоллало хандашна т1е

 

хьелашкахь кхочушхуьлу

-хь, -ахь, -ехь, -хьара

Кхаа хенахь лела:

гойту:

суффиксаш кхетарца:

 

1. Вай нийсачу новкъа да-

 

 

г1ахь, сарахь ц1а кхочур ду.

-хь

Карара хан

2. Накъост ваг1ахъара, оха

 

 

къамел дийр дара.

-хьара

Карара хан

3. Хьайн хеннахь ваьллехь,

 

 

хьуна ахча дала дезара.

-ехь

Яхана хан

4. Хьо юсетар велахь, д!а-

 

 

еша бакъо.

-хь

Йог1у хан

-Маса саттам бу хандешан?

                     Маса 1амийна вай? Муьлханиг?

                      Тахана вай 1амочу саттаман ц1е х1ун ю?Оьрсийн маттахь муха эр дара иза?

                      Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалге яздинарг.Стенах олу бехкаман саттам? Х1ун гойту цо? Билгалдаьхначу хандешнийн суффиксашси­зашца гайта.

                      Муьлхачу хенахь ду уьш? Суффиксашт1екхетарца кхолладеллий и хандешнаш? 2-г1ий, 3-г1ий б1ог1амалгашна таллам бо.

Жам1до, бехкаман саттамах х1ун олу, муьлха суффиксаш т1екхетар- ца кхоллалобехкаман саттамехь долу хандешнаш, коьрта маса хан ю церан а дуьйцуш.

III.               1амийнаргт1еч1аг1дар.

Кхочушдо№ 14 шардар. Схьаязъе. Бехкаман саттамехь долчу хан- дешнашна буха сиз хьакха.

IV.               Хаттарш.

Х1унгойту бехкаман саттамо?

Бехкамансаттамехь долу хандешнаш маса хенехь хуьлу?

Мухакхоллало хандешан бехкаман саттаман кепаш?

V.                  Ц1ахь: шардар № 15, § 3.

VI.               Рефлекси.

Таханлерчуурокан хаарех аса х1ун пайда ийцира?

Санледара arloяра…

 


Поделиться статьей
Автор статьи
Анастасия
Анастасия
Задать вопрос
Эксперт
Представленная информация была полезной?
ДА
58.69%
НЕТ
41.31%
Проголосовало: 990

или напишите нам прямо сейчас:

Написать в WhatsApp Написать в Telegram

ОБРАЗЦЫ ВОПРОСОВ ДЛЯ ТУРНИРА ЧГК

Поделиться статьей

Поделиться статьей(Выдержка из Чемпионата Днепропетровской области по «Что? Где? Когда?» среди юношей (09.11.2008) Редакторы: Оксана Балазанова, Александр Чижов) [Указания ведущим:


Поделиться статьей

ЛИТЕЙНЫЕ ДЕФЕКТЫ

Поделиться статьей

Поделиться статьейЛитейные дефекты — понятие относительное. Строго говоря, де­фект отливки следует рассматривать лишь как отступление от заданных требований. Например, одни


Поделиться статьей

Введение. Псковская Судная грамота – крупнейший памятник феодального права эпохи феодальной раздробленности на Руси

Поделиться статьей

Поделиться статьей1. Псковская Судная грамота – крупнейший памятник феодального права эпохи феодальной раздробленности на Руси. Специфика периода феодальной раздробленности –


Поделиться статьей

Нравственные проблемы современной биологии

Поделиться статьей

Поделиться статьейЭтические проблемы современной науки являются чрезвычайно актуальными и значимыми. В связи с экспоненциальным ростом той силы, которая попадает в


Поделиться статьей

Семейство Первоцветные — Primulaceae

Поделиться статьей

Поделиться статьейВключает 30 родов, около 1000 видов. Распространение: горные и умеренные области Северного полушария . многие виды произрастают в горах


Поделиться статьей

Вопрос 1. Понятие цены, функции и виды. Порядок ценообразования

Поделиться статьей

Поделиться статьейЦенообразование является важнейшим рычагом экономического управления. Цена как экономическая категория отражает общественно необходимые затраты на производство и реализацию туристского


Поделиться статьей

или напишите нам прямо сейчас:

Написать в WhatsApp Написать в Telegram
Заявка
на расчет