X-PDF

Урок по чеченскому языку

Поделиться статьей

Урокан ц1е: Ц1ерметдашах 1амийнаргт1еч1аг1дар.

Урокан тайпа:т1еч1аг1даран.

1алашо:ц1ерметдешнийн тайпанаш карладахар, т1ечаг1дар. Г1иллакх-оьздангалла кхиор;ненан матте безам кхоллар.

Урокд1аяхьар

 

I.Догдаийтаран минотан мур.

1. Маршалла хаттар.

2. Белхан меттигаш кийча хилийтар.

 

II.Долчу хаарийн актуализаци яр.

Ц1ерметдешнех-туьйра

      Шу диканца дукха дахарш.Мацах-мацах, вуно дукха хьалха дехаш-1аш  хилла цхьа дешнаш. (СЛАЙД)

  (СЛАЙД) Ч1ог1а ловза лууш хилла царна. Цкъа, цхьана дийнахь, х1орш иштта ловзуш дохкучухенахь, мичара волу а ца хууш, бозбуунча ваьлла х1орш долчу чоьхьа. Цуьнан ц1еМаь1на хилла. Цо къастош хилла, муьлхачу дешнаша х1уманийн ц1ераш йохур ю,муьлхачара церан билгалонаш, ткъа муьлхачара — дар я хилар гойтур ду. Ловзушдохкучу дешнашна т1е а вахана, к1еда-мерза хаьттина цо: Шуна х1унбилгалъян лаьа? Х1ун маь1на деза шуна? — аьлла.

        Амма ловзарна чудоьллачу дешнашнах1ара гуш а вацара, кхо дуьйцург тергал а ца дора. Т1аккха кхин ч1ог1а азайдеш, хаьттина цо:

       Х1уманийн ц1ераш яха лаьийшуна? Самукъане ма ду и!

        Цо и бохучу хенахь дешнаш, батош асеттош, кхечара дийриг дан г1ерташ, цхьана х1уманашна т1е п1елгаш а хьежош,доьлуш 1аш дара.

Оьг1азвахна бозбуунча. Вайна хууш ма дутуьйранашкахь массо а коьрта х1ума кхочушдеш хуьлий. Цундела бозбуунчо, азайдеш, кхозлаг1а а аьлла:

     Дешнашна, цхьаннах дозуш адоцуш хила лаахь, цхьана х1уманан ц1е яккха, я билгало, я дар-хилар гайта деза.Ца лаьа шуна вайна гонаха мел ерг йовзуьйтуш, церан ц1ераш яха? Юха цодуьйцург тергал ца деш, уьдуш лелара дешнаш.

            (3 СЛАЙД)   Т1аккха кхоччуш оьг1азваха бозбуунча. Лаьттах ког тухуш, бода баийтина цо, аммаюха а ерриге а серлаяьккхина. Эццахь дешнашна а гира бозбуунча, т1аккхакхераделира уьш, амма х1инца т1аьхьа дара.

       — Аса шуна г1уда туху, шу мел дукхадахарх, цхьана а х1уманан ц1е яккхалур яц шуьга, — х1ара и  ю алар бен, кхинх1ума далур дац шуьга кхул т1аьхьа.

       Дешнаш кхоччуш кхераделла.

       — Х1инца х1ун дан деза?! — бохуш,доьхна хьийзаш хилла дешнаш.

       — Шуна дисина цхьаъ бен дац, -Ц1ердешнийн метта лелар ду шу, цара санна хаттаршна жоьпаш лур ду аша. Доццааьлча, ц1ердешнийн метта лела ц1ерметдешнаш хир ду-кх шу, — доцца хадийна шенкъамел бозбуунчо.

      — Охх1ай, ма хала г1уллакх ду и.Массо хена а нехан куьцехь лела, тхайн юьхь а йоцуш лела деза-кх тхан.

       — Делахь дика ду, — къинхетам бинацарах бозбуунчас, — юьхь хир ю шун, амма хьалхара юьхь массарна а кхочур яц,цундела кхаж таса дезар ду. Х1инца дуьйна юьхьан ц1ерметдешнаш хир ду шу.

      Уьш кхин дистхилла довлале,т1апъаьлла вайна бозбуунча.

       Цкъа хьалха халахетта царна, ч1ог1аловза лууш ма дара уьш. Юха ойла йича, х1уманийн ц1ераш яха башха хала а мадац, аьлла дагадеана царна.

           Туьйранахь ма-хиллара, цулт1аьхьа дуккха а шераш д1адевлла. Нахана дезаделла и дешнаш, доца а, атта а,кхеташ а долу дела. Цундела адамаша кест-кеста кхойкху цаьрга. Ткъа бозбуунча,къайлаха уьш тергал а деш, вела а къежаш, 1а.

Хьехархочун дош:

— Таханлера  вайн  урокан ц1е х1ун хир юаьлла хета шуна? (Ц1ерметдашах 1амийнарг т1еч1аг1дар).

— Х1ун 1алашо х1оттайо вай таханлерчуурокана? (ц1ерметдешнех долу хаарш довзар, т1еч1аг1дар, уьш г1алаташ доцушяздар). 

1. Ц1ерметдош карладоккхуш иштта хаттаршду шуьга:

— Стенах олу ц1ерметдош? (ц1ердешан,билгалдешан, терахьдешан метта лелачу къамелан декъах ц1ерметдош олу)

— Х1ун гойту ц1ерметдашо? (ц1ерметдашо,х1уманан ц1е а ца йоккхуш, цуьнан мухалла, масалла билгал а ца еш, и х1умагойту)

— Ц1ерметдешнаш, шайн маь1не хьаьжжина,муха декъало? (ц1ерметдешнаш шайн маь1не хьаьжжина декъало тайпанашка, уьш 9ду)

— Муьлхарш ду уьш?

(СЛАЙД) 2.Д1аязъепредложени тетрадаш т1е:

Со йина, кхиийна, сан хьоме нана,х1ун хир ду х1окху маьлхан дуьненахь хьол мерза я хьоме.

— Хьанах лаьцна дуьйцу предложенех? (ненахлаьцна)

— Нохчийн 1адатехь доьзалехь коьртанигмила ву? (да ву) нийса аьлла ду Да доьзалан корта бу.

— Ткъа уггаре йоккха меттиг д1алоцург нанаю, х1унда аьлча, дерриг ц1ийнан дукъ нанна т1ехь ду — кхерч латтор а, берашкхетош-кхиор а, доьзалехь барт а, безам-марзо латтор а, и. д1 кх. Цундела, вайндахарехь коьрта 1алашо дай-наний, воккханиг ларар а ду.

— Х1инца, х1окху предложенера дешнийнцхьаьнакхетарш схьаязде шайца ц1ерметдешнаш  а долуш. (сан хьоме нана, х1окхумаьлхан  дуьненахь, хьол мерза я хьоме). 

(СЛАЙД) 3.Дерзоран ц1ерметдешнех дерзоран-доладерзоран ц1ерметдешнаш де: хьо,хьо-хьуо, ша, и-ша, тхаьш, тхо-тхаьш, вай-ваьш, ваьш, со, со-суо.

(хьайн, хьан-хьайн, шен, цуьнан-шен,тхешан, тхан-тхешан, вайн-вешан, вешан, сайн, сан-сайн).

(СЛАЙД) II.Оьрсийн маттера ц1ерметдешнаш нохчийн матте даха:

Я, ты, он, она — вместе дружнаясемьянохчийнматте даьккхича муха эр дара вай? (со, хьо, иза, и — цхьаьна бертахь доьзал)

— Муьлха ц1ерметдешнаш ду вай далийнарш?(яххьийн) (кхаа дешархочо уьн т1ехь легадо со, хьо, иза)

(СЛАЙД) III.Учебникца болх. Ц1ерметдош морфологически къастор.

 — Схьаеллаучебникан 106-г1а аг1о.  Шардар № 179

1-чу предложенера кхоъ ц1ерметдешнашморфологически къастор ду вай. (суна, аса, иза)

Къасторан кеп:

1) юьханцара кеп

2)тайпа

3)юьхь

4) дожар

5) терахь

6) лааме я лаамаза

7) синтаксически г1уллакх

(Суна —юьхь.кеп — со; яхь.; 1-ра юьхь; Лург д.; цхь.т.; лаамаза; лач кхачам.

Представленная информация была полезной?
ДА
58.05%
НЕТ
41.95%
Проголосовало: 894

Аса —  юьхь.кеп- со; яхь.; 2-г1а юьхь; Др д.; цхь.т.; лаамаза; подлежащи.

Иза —юьхь.кеп — иза; яхь.; 3-ра юьхь; Ц1. д.; цхь.т.; лаамаза; нийса кхачам.

Шен —юьхь.кеп — ша; дерзоран; Дийриг д.; цхь.т.; лаамаза; къастам.

 

(СЛАЙД) IV. Физминот.

Лада озаели — цхьаъ,

Охьатаь1и — ду и шиъ,

Хьалатаь1и — ду и кхоъ,

Д1анисъели — ду и диъ.

Куьйгаш д1асадахийти — пхиъ,

Вовшахтуьйхи — ялх.

Буьхьигаш т1е и х1оьтти — ворх1,

Дег1 нисдеш д1ах1оьтти — барх1

 

— Баркалла, кхин д1а а д1ахьур ю вай урок.

 

(СЛАЙД) V.Х1окху ц1ерметдешнийн юьхьанцара кеп д1аязъе.

Шега        — ша

Тхох-тхайх    — тхо-тхаьш

Цуьнан-шен   —    и-ша

Церан      — уьш

Аша-шаьш    —    шу-шаьш

Х1окхеран    —  х1орш

 (Ша, тхо-тхаьш, и-ша, уьш, шу-шаьш,х1орш)

 

 

(СЛАЙД) VI.Тобанашца болх.

Б1ов йоттар. Йозан уьн т1е мелаца исс-иссг1ат долу ши б1ов юьллу. Х1ора т1ег1ан чу ц1ерметдешнаш а яздеш, сиххахьалайотта еза б1ов. Г1атташ чу дешнаш хьалха яздина тоба тоьлла лору. ( цхьанатобано яххьийн ц1ерметдешнаш язде, шолг1ачу тобано гайтаран ц1ерметдешнашязде).

со                               х1ара

хьо                             х1орш

иза                             д1ораниг

тхо                            хьуьлларниг

вай                            кхузарниг

уьш                           цигарниг

шу                            х1окхо

аса                           хьуьлларчо

цо                            д1орачух

цара                        д1орачул

 

 

(СЛАЙД) VII.Жам1 дар. 

    Цхьаммо не1 я ков тоьхча, хьо дуьхьалвистхуьлу: Мила ву? — олий. Ткъа и жима дош — ц1инц1алг дацахьара,хьо юх-юха а хетта дезаш хир вара: Не1 еттарг 1ела вуй? Я Мадина? Япхьар? Я саг1адоьхург? Ткъа веанчо массо хена а дуьхьал жоп лур дара:Вац, яц, вац, — бохуш. Иштта и хеттарш деш, эрна хан йойъур яраахьа, цул сов, не1 еттарг мила ву а хуур дацара хьуна. Мила ву? -бохучу оцу доццачу хаттар чохь милла а хила тарло, и атта а, кхеташ а ду. Ишттаг1уллакх до-кх ц1ерметдешнаша.

 

(СЛАЙД) VIII.Рефлекси.

Керла х1ун девзи?…

Ца кхеташ дисний х1умма а?…

Хала х1ун хийтира?…

Т1еоьшург х1ун ду?…

ОЦЕНКАШ Х1ИТТОР

 

(СЛАЙД) VI I.Ц1ахь бан болх.

Аг1о 106, Шардар №180.

Къамел кхиор. Х1окху планаца жима дийцарязде.

План

1. Сан ц1е, ден ц1е, тайпа.

2. Вина, кхиъна юрт, г1ала, цуьнан истори.

3. Сан юьртахой, царах лоруш а, ц1ейоккхуш а берш.

4. Суна лаьа…


Поделиться статьей
Автор статьи
Анастасия
Анастасия
Задать вопрос
Эксперт
Представленная информация была полезной?
ДА
58.05%
НЕТ
41.95%
Проголосовало: 894

или напишите нам прямо сейчас:

Написать в WhatsApp Написать в Telegram

ОБРАЗЦЫ ВОПРОСОВ ДЛЯ ТУРНИРА ЧГК

Поделиться статьей

Поделиться статьей(Выдержка из Чемпионата Днепропетровской области по «Что? Где? Когда?» среди юношей (09.11.2008) Редакторы: Оксана Балазанова, Александр Чижов) [Указания ведущим:


Поделиться статьей

ЛИТЕЙНЫЕ ДЕФЕКТЫ

Поделиться статьей

Поделиться статьейЛитейные дефекты — понятие относительное. Строго говоря, де­фект отливки следует рассматривать лишь как отступление от заданных требований. Например, одни


Поделиться статьей

Введение. Псковская Судная грамота – крупнейший памятник феодального права эпохи феодальной раздробленности на Руси

Поделиться статьей

Поделиться статьей1. Псковская Судная грамота – крупнейший памятник феодального права эпохи феодальной раздробленности на Руси. Специфика периода феодальной раздробленности –


Поделиться статьей

Нравственные проблемы современной биологии

Поделиться статьей

Поделиться статьейЭтические проблемы современной науки являются чрезвычайно актуальными и значимыми. В связи с экспоненциальным ростом той силы, которая попадает в


Поделиться статьей

Семейство Первоцветные — Primulaceae

Поделиться статьей

Поделиться статьейВключает 30 родов, около 1000 видов. Распространение: горные и умеренные области Северного полушария . многие виды произрастают в горах


Поделиться статьей

Вопрос 1. Понятие цены, функции и виды. Порядок ценообразования

Поделиться статьей

Поделиться статьейЦенообразование является важнейшим рычагом экономического управления. Цена как экономическая категория отражает общественно необходимые затраты на производство и реализацию туристского


Поделиться статьей

или напишите нам прямо сейчас:

Написать в WhatsApp Написать в Telegram
Заявка
на расчет